МИНИСТЕРСТВО КУЛЬТУРЫ ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ
НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН КУЛЬТУРИН МИНИСТЕРСТВО
Официальный сайт

Дала геч дойла хьуна, 1аманди!

16.06.2020

2020-чу шеран июнь-беттан 16-чу дийнахь Далла доьхьала д1аваха вайн дика накъост, лаккхара пох1ма долу художник, Россиян хьакъволу г1уллакххо, Нохчийн республикин халкъан художник, Дагестанан республикин хьакъволу художник Асуханов 1аманди Аббасович.Асуханов 1аманди вина 1939-чу шеран 25-чу августехь Гуьмса г1алахь.Жима волуш дуьйнна суртдилларан говзалла езаш хилла волчу 1амандис 1967-чу шарахь чекхйоккху Дагестанан исбаьхьаллин училище. Ша винчу махка ц1а а вог1ий, иза жигараллийца къахьега волало Нохч-Г1алг1айн республикин художникийн цхьаьнакхетараллина юккъехь.Х1етахь дуьйнна, х1окху хене кхаччалц цо дакъалецира Дуьненаюккъерачу а, Ерригроссийски а, региональни а, меттигерачу выставкашкахь.Хьовсархоша гуттара а лаккхара мах хадабора Даймахка хазалла гойтуш цо дехкинчу массо а суьртийн.Боккха иэшам бу 1аманди д1акхалхар нохчийн культурина а, исбаьхьаллийн белхалошна а.Везачу Дала геч дойла цунна!Дала декъала хиллачу тобанах д1атохийла иза!Дала ийманца собар лойла цуьна доьзална а, гергарчу нахана а.Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчахь йолчуКхеташонан председательУсманов 1арби, Нохчийн республики художникийн юкъараллийн урхаллийн председатель Умарсултанов Ваха.